Горячая линия 8(8712)22-28-39
       
 
   
 
 
 
 

 

Лераме Ахьмад-хьаьжин кIант Рамзан!


05.10.2019 08:29

Сайн а, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратан белхалойн а цIарах ас даггара декъалво хьо винчу денца!

Замано голатухучу халачу муьрехь тIедоьжна хьуна тхьамдалла. Некъах тилла, къилба дайна, хьесапна лаца билгало йоцуш доьхна хьийза вайн къам тIегулдар, иза юкъарчу барте далор, цуьнан селханей, таханей кханенах йозар, мехала хилла ца Iаш, Iаламат нуьцкъала болх бара. Доккха иман, кхин а доккха собар долуш, нохчийн къоман синчIагIаллех кхоччуш бIобулуш стаг хила везара и гIуллакх шена тIелоцург. Хьан ийман а тоьира, кхачам боллуш собар а хилира хьоьгахь, хьайн къомах тешаш а вара хьо. МостагIчун ямарт тохаро хьайн ден дахар хадийча, цо айина байракх охьа ца йожийтира ахь. Тахана, айхьа тхьамдаллехь даьхначу шерийн жамI дан воьлча, къоман дахар тодарехь, мохк цIинбарехь дина беркате гIуллакхаш ду хьан дIагайта. Адамера сий а, Делера ял а хуьлда хьуна!

Лераме Ахьмад-хьаьжин кIант Рамзан!

Дала декъал войла хьо винчу денца! Хьайн къомах воккхавеш, доьзалша дог хьоьстуш, хьомсарчийн, безачийн вуо ца гуш вехийла хьо дуккха а шерашкахь. Къоман а, мехкан а дуьхьа айхьа хIитточу Iалашонашка кхачавойла хьо Дала!

АллахI-Дала Iалашйойла вайн сийлахь Нохчийчоь!

 

Нохчийн Республикехь адамийн

бакъонаш ларъяран векал

Нухажиев Н.С.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

"Кавказская политика" с Дмитрием Ефремовым "Русские в Чечне"

 

газета "Чеченский правозащитник"

Просмотреть архив газеты

 

журнал "Истоки"

Просмотреть архив журнала