Горячая линия 8(8712)22-28-39
       
 
   
 
 
 
 

 

Поздравление Председателю Совета алимов СКФО


14.09.2020 11:00

Уполномоченный поздравил с Днем рождения известного богослова Чеченской Республики Хож-Ахмеда Хаджи Кадырова.

- Лераме Хож-Ахьмад-хьаьжа!

Сайн а, сайн белхан накъостийн а ц1арах даггара декъала во ас хьо Винчу денца!

Дуккха а шераш ду кху махкахь бехачу наха хьан доккхачу 1илманах а, масла1атан дашах а беркат оьцу. Гуттар а зулам дебош лелачу иблисан аьллар к1ел дахарх лардо адам хьан хьехамаша, хийлазза 1ана кечделла ц1ий юхатоьхна ахь, аьрха к1еж туьйсу дералла оьздачу къамелаца къаръеш. Тахана нохчийн къам кхиъначу ни1матан доккха дакъа кхочу хьуна. Со а ву хьан дикаллех дуккха а пайда эцчарех. Хийлазза, дахаран цхьацца шеконаша я халонаша хьовзийча, хьан васто а, къамелаша а синтеме валийна со. Хьоьца долчу гергарлоно а, хьоьца дош-къамеле вала йиш-бакъо хиларо а  воккхавево со, балха т1ехь аьтто а бо.

Дела реза хуьлда хьуна!

Дала йоккхачу йоле дуьллийла ахь Шен дуьхьа мел дийриг!

Хьайн хьомсарчийн вуо ца гуш, цамгар-сиркхо ца евзаш дуккха а вехийла хьо тхуна!

Вайн къомана даима а оьшу хьекъале, масла1ате, синтеме дош кхин д1а а юкъараллехь даржо пурба а, ницкъ а лойла хьуна Сийлахь-Везачу вайн Дала!

 

Лерамца

Н.С. Нухажиев

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

"Кавказская политика" с Дмитрием Ефремовым "Русские в Чечне"

 

газета "Чеченский правозащитник"

Просмотреть архив газеты

 

журнал "Истоки"

Просмотреть архив журнала